ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рамадан баттахь белхан де дацдина ГIалгIайчохь


ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек
ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек

Мархийн Рамадан баттахь белхан де цхьана сахьтана дацдина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Дийнна баттахь болх беш хир ю мехкан урхаллехь газан а, хин а, тоькан а проблемаш гIиттахь, бахархошна арз дан кхоьллина оперативан штаб.

Иштта меттигерчу урхалхошна тIедиллина мархийн баттахь къаьркъа ца дохкийтар. Коммуналан белхахошка Рамадан баттахь юкъах ца йоккхуш ток латторе, ткъа йохкархошка мехаш хьала ца дахаре кхойкху Евкуровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG