ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъо йоцуш бизнес лелош хьаькамаш гучубевлла прокуратурана


Нохчийчохь 17 пачхьалкхан хьукматийн куьйгалхо гучуваьлла прокуратурана къайлах бизнес лелош. Оьрсийн низамаша дихкина ду пачхьалкхан балхана зен а деш, шена пайденна бизнес лелор. Оцу бахьанашца прокуроро юьртабахаман министралле дIахаийтина, цуьнан куьйгакIеларчу даржхоша бизнес лелош хиларх.

Кхо белхахо даржах вохийна министро. 14 хьаькамо шайн лаамехь бизнес дIа а тесна, коммерцин организацещкахь дакъалацар юкъахдаьккхина.

Билгалдаккха догIу, Нохчийчохь пачхьалкхан белхахошлахь прокуратурано кхи дIа а талламаш дIахьош хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG