ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIоз даьржина Дагестанехь, бахархой ахчанаш вовшахдетташ бу и хIаллакдан


НогIийн кIоштара бахархой ахчанаш вовшахдетташ бу тIелеттачу цIозца къийсам латто. Ахча меттигерчу имаман банкерчу чоьта тIе даккхар хьоьху цара. Де хьалха Дагестанехь Iедалхойн кхеташо йоьдучу юкъанна хиира, 100 эзар гектар лаьтта тIехь цIозно шен хIоаш дIасадаржийна хиларх. Пачхьалкхан бюджетера 15 миллион сом ду цIоз хIаллакдан делла.

"Iай дуьйнна дуьйцуш ду и 15 миллион, - оьгIазе дуьйцу меттигерчу депутато Адильгереев Рустама. – Байначу баттахь дуьйнна цIозца дерг хьаькамаша цхьалха даьккхина хила дезаш дара, шайн хIоанашчуьра ара ма евлла уьш хIинца".

Цо бахарехь, цхьана иттех дийнахь "тIома тIе хIуьттур" ю уьш, тIаккха 15 миллионо нисдан хIума дац. Республикерчу хьаькамаша хIора шарахь эрна хан йойу. "Хьанна кхочур тендер, къуьйсуш сенлой лела уьш, я шаьш дан догIург латта ханна лелочийн я жаIуьнийн коча дуьллу. Уьш хIун, говзанчаш бу?", - ца кхета "Кавказ.Реалиица" къамел дина депутат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG