ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Почтана а, инкассаторна а тIелатар динарг кхеле валийна


Сунжа-кIоштан кхело 8, 5 шо хан кхайкхийна, талораш дина аьлла бехкевинчу ГIалгIайчоьнан вахархочунна, хаамбо Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурано. Схьадийарехь, цхьана хенахь полисхо леллачу меттигерчу вахархочун хьокъехь гIуллакх кхеле листа кховдийна хиллера стохка Iай. 2014-чу шарахь герзаца йолчу тобанца цхьаьна тIелатарца къола дина хилла цо почтана. Талламчийн зерашца, бахархоша коммуналан хьаштех схьаделла 100 эзар сом а доккхуш, шен кхаа декъахочуьнца цхьахйолчу почтан декъан белхахочунна тIелатар динера 30 шо долчу жимчу стага.

Цул совнах, кхело къастадарца, оццу юкъанна схьакхаьчна инкассатор а вожийна хиллера цара, цуьнгара 980 эзар сом а доккхуш. Зуламан кодексан кхаа артиклца бехке а вина, кхело дерриг литтинчул тIаьхьа набахтехь даккха 8 шой, ах шой хан тоьхна вахархочунна аьлла бу Инарла прокуратуран официалан сайтехь хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG