ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижехь Нохчийчуьра схьаваьллачу вахархочо уьрсаца динчу тIелатарна Францин скандале Charlie Hebdo журнало карикатура йиллина. Журналан агIон тIехь диллинчу сурт тIехь Парижан мэр Идальго Анн ю, вилспеташ прокате лучу гIирсах тардинчу уьрсаш чудохчучу гIуткхан фонехь лаьтташ. Шарж тIехь йоза ду: "Цхьадика, Парижехь хIуъа хилла а цхьа хIума болх беш ю".

Карладоккху, шоьтан сарахь Парижерчу Монсини (Monsigny) урамехь стаг вийра 1997-чу шарерчу жимчу стага. Урс тоьхна, стаг вуьйш "АллахIу акбар!" мохь тоьхна цо аьлла, хаамбира меттигерчу зорбанан гIирсаша. Полицино герз тоьхна ша веле и жима стаг ларийна цхьа стаг вен а, 4 лазо а. Иза вийначул тIаьхьа къаьстира Нохчийчохь вина, Францин вахархо Азимов Хьамзат иза хиллийла.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу организацино шена тIелаьцна теракт.

XS
SM
MD
LG