ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Азимов Хьамзатан доттагI дIалаьцна Страсбургехь


Парижехь тIелатар динчу Азимов Хьамзатан доттагI Анаев Хьаьким "зуламечу терроран декъахь хиларна" бехке а вина, дIалаьцна. Еарийдийнахь бина и хаам AFP агенталло, оцу гIуллакхан материалаш евзинчу шайн хьостанна тIе а тевжаш. Цо бахарехь. Анаев а, Азимов а Нохчийчуьра схьаваьлла ву. Анаев уллора доттагI хилла цуьнан, Страсбургехь цхьана хьалакхиина а ву и шиъ. КIирандийнахь Анаевн петарх хьоьвсинчу полисхошна караеана цуьнан компьютер а, 7 мобилан телефон а.

Дахначу шоьтадийнахь Парижехь уьрсаца нахана тIелатар динера Нохчийчуьра орамаш долчу 21 шо долчу Азимов Хьамзата. Цхьа адам дийна цо, веанна чевнаш йина. Полисхоша дуьхьал герз тоьхна вийра ша зуламхо а. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано хиллачух жоьпалла шена тIелаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG