ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каирера Москох деанчу кемантIера лаьцна зуда маьршаяьккхина


Сакинат Байсултанова (покрытая) вместе с детьми и адвокатом "Мемориала" Розой Магомедовой
Сакинат Байсултанова (покрытая) вместе с детьми и адвокатом "Мемориала" Розой Магомедовой

Еарийдийнахь Каирера Москох кхаьчначу кемантIера охьайоьсина Дагестанера берийн нана Байсултанова Сакинат 12 сахьтехь сов дозанхоша лаьцна а латтийна, маьршаяьккхина.

"Маршо Радионо" хаамбира, Мисарарчу Iедалхоша депорт йина, Iуьйранна Къилбаседа Кавказерчу 17 вахархочуьнца Москохарчу Шереметьевн аэропорте схьакхаьчначу хенахь иза дIалацарх. Кхи а Оьрсийчоьнан 8 вахархо вуьсу "Матар Кадим" олучу Каирерчу аэропортан депортацин набахтехь.

Хеттарш динчул тIаьхьа, оццу дийнахь Москохара ХIинжа-гIала дIаяха билет оьцург дIахецна Байсултанова, хаамбина "Кавказ.Реалии" портале зудчун гергарчара а, "Мемориалан" адвокато Магомедова Розас а. Эцна билет дIагайтинчул тIаьхьа, араялийтина Байсултанова, гергарчара дийцарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG