ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеман президентца цхьанакхетар хилла Путинан


Еарийдийнахь Сочехь цхьанакхетта дийцарш дIадаьхьна Шеман а, Оьрсийчоьнана а президенташа Асад Башара а, Путин Владимимра а. Президентан пресс-секретаран декхарш кхочушдечу Песков Дмитрийс дийцарийн жамIех хаамбеш аьлла, шина лидеро " политикан хьал дIадерзорехь кхи тIе а хьелаш кхолла дезар" билгалдаьккхина.

Песковс бахарехь, Путина декъалвина Асад цуьнан эскарша террорхошца бечу къийсамехь кхиамаш бахарца".

Шемахь ворхI шаре бахбеллачу тIамехь Оьрсийчоь уггар коьрта бартхо яра Шеман. ТIаьххьара стохка гурахь хиллера Асадан а, Путинан а цхьанакхетар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG