ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIаларчу "Гранд Паркехь" кхачамбацарш карийна талламхошна


Адамаш гуллучу Нохчийчуьрчу гIишлошкахь тIаьххьарчу шина баттахь бинчу талламашкахь гучудаларца, 1500 объект цIеяларан кхерамашкахь хилла. Йоккхачу йохка-эцаран, самукъадаккхаран "Гранд Парк" центрехь а билгалдаьхна дуккха а кхачамбацарш. Кемеровохь "Зимняя вишня" комплексехь цIе а яьлла, 60 стаг веллачул тIаьхьа, йоллу Оьрсийчуьра йохка-эцаран, самукъадаккхаран центраш талла йолийра, цIеяларан кхерам буй хьовсуш. Нохчийчуьрчу массо а кIошташкахь прокуратуран белхахоша а, меттигерчу администрацийн векалша а зийра цхьа могIа центраш а, школаш а, берийн бошмаш а, кхийолу нах гулло меттигаш а.

Шина баттахь теллина 2 эзар гергга объект, цигахь карийна 1560 цIарах кхерамзалла латторехь кхачамбацарш аьлла, дийцина"Кавказан узел" агенталле республикерчу прокуратурехь. Къаьсттина ледарчу хьолехь хилла сигнализацин системаш, эвакуаци еш нах арабоху чекхволийла готтонашкахь, кхераме хьал тIехIоьттича персонал кийча цахилла дан дезачунна, хина тIекхочийла а ца хилла, аьлла дийцина прокуратуран векало агенталле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG