ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн машенчуьра хIуманаш лечкъийна


Бакъонашларъярхо Титиев Аюб
Бакъонашларъярхо Титиев Аюб

Титиев Аюб лоцучу дийнахь мухIар таIийна дIакъевлинчу цуьнан машенчуьра хIуманаш яйна. Кхи а керла цунна дуьхьал гIуллакх даккха тарло и бахьана долуш аьлла, тешна ву бакъонашларъярхочун адвокат.

Маршо Радионо яздира, оршотдийнахь Оьрсийчоьнан гоьбоьвллачу 60 Iилман, културан гIуллакххоша а, Iеламнаха а, журналисташа а, бакъонашларъярхоша а президенте кхайкхам бина хиларх, Титиев Аюбан гIуллакх федералан тIегIанехь хаттийтар доьхуш.

Оццу дехарца петици кечйинера нохчийн йийначу бакъонашларъярхочун Эстемирова Наташин йоIа Ланас. Пхеа дийнахь 1100 стага куьйгяздира кехатна. Дечкен-баттахь дуьйнна чохь валлош ву Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб, марихуана лелийна аьлла, бехкала а воьллина. Бакъонашларъярхочо тIе ца лоцу кхийдо бехк. Наркотикаш шена тийсина а аьлла цо а, цуьнан белхан накъосташа а.

ГIуллакхан материалаш а, лоцучу дийнахь схьаяьккхина, мухIар тоьхначу машенах а хьовсучу Титиевна а, цуьнан адвокаташна а гучудаьлла, машенан догIа даьккхина хилар а, цу чуьра хIуманаш дIаэцна хилар а, хааме даьккхина "Мемориал" центро.

Титиевс бахарехь, машен йоьду а, лаьтта а меттиг билгалйоккху беза мах болу машенчуьра гIирс байна, флеш-карта цхьана долу видеорегистратор а яйна, яздо "Мемориало" шен пресс-релизехь.

Иштта автомобиль чуьра дIаэцна травматикан ши тапча а, шийтта патрон, тапча лело бакъо, мобилан кхо телефон, планшет, йозанаш тIехь долу кехаташ а.

Адвокатна Заикинна хетарехь, цуьнан яйна хIуманаш цунна дуьхьал яха а тарло, масала, травматикан тапчанах тIеман тапча ян.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG