ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъан кхело вен кхайкхийна Оьрсийчуьра вахархо


"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан декъехь лаьттина Оьрсийчоьнан вахархо вен кхайкхийна Иракъан кхело. Arab News гIирсо бина и хаам, кхелерчу шен хьостанна тIе а тевжина. Билгалдаьлла бехкевечун фамили Хасанов хилар.

Газетан информацица, тIаьххьарчу масех баттахь Иракъерчу кхелахоша вен кхайкхийна 300 стаг. Байначу беттан юккъехь Оьрсийчоьнан 7 яхархочунна а йира елла дIаяллалац набахтехь хан йоккхуьйтуш кхел. Ю царлахь Дагестанера Исмаилова Алиса а, Магомедханова Эльвира а.

Стохка аьхка дуьйнна Иракъерчу кхело бIеннашкахь зударийн гIуллакхаш листа долийна. Уьш бехкебо даIишхошца тIемаш бечу шайн цIийндайшна тIаьхьабахкарна а, дозанал сехьабевллачул тIаьхьа цаьрга маренаш дарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG