ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIомал лелийначу Казахстанан вахархочунна хан кхайкхийна Нохчийчохь


Боккхачу барамехь нарктикаш лелорна Нохчийчуьрчу кхело жоьпалле хIоттийна Казахстанан вахархо. Талламчийн зерашца, 2016-чу шеран гурахь Гуьмсан дозанехь коноплян гIаш даьхна, уьш дIадехкина латтийна оццу кIоштарчу цхьана цIийнах, Хьамзат цIе йолчу стага

Стохка Устрада-гIалахь рейдаш дIахьочу полисхоша лаьцнера Хьамзат. ДегIах таллам бича гучуяьллера цуьнгахь кIомал. Прокуроран позицина тIетайначу кхело, стеган бехкхилар юьхьар а эцна, набахтехь даккха кхо шо хан тоьхна цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG