ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь дан кечдина теракт юкъахдаьккхина


ПIераскандийнахь Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Колон Жерара хаамбина, шайн пачхьалкхан леринчу сервисаша Мисарара схьаваьллачу шина вахархочо дан лерина теракт юхадаьккхина аьлла.

"Рицин олучу дIовшца я оькхуьйтучуьнца теракт дан кечамбеш хилла и ши жимстаг. ДIовше лоьлхуьйтурш муха кечйо хьоьхуш киншка а хилла цу шингахь. Лаьцнарг ши ваша ву", - аьлла Колона BFM TV телеканалан эфирехь.

France 2 телеканалан информацица, Парижехь операци дIахьочу муьрехь лаьцна ву и ши ваша. И шиъ лаца аьтто баьлла, мессенджерехь цу шиммо дина йозанаш бахьана долуш.

Шоьтадийнахь Нохчийчуьра схьаваьллачу Францин вахархочо Азимов Хьамзата уьрсаца нахана тIелатар динера Парижехь. Цхьа адам дийна цо, веа стагана чевнаш йина. Орцахбаьхкинчу полисхоша дуьхьал герз тоьхна вийра тIелеттарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG