ТIебеанчу мархийн баттахь Дубай эмиратан шайхо Муххьаммад бин Рашид аль-Мактума омра дIаделла 700 кеп-кепарчу къомах волу тутмакх маьрша ваккха аьлла. Дубайн инарла прокуроро Иссама аль Хьумайдана бахарехь, лецна латтийначарна гIо дийр ду юкъараллехь дIатарбала, иштта керлачу дахаре шанс а лур ю. Фуджайран урхалхочо Хьамад аль-Шаркыс Рамадан баттахь 81 тутмакхна гечдина, ткъа Аджманан эмиро Хьумайд аль-Нуаимис 70 тутмакх араваккха омра дина.
Эмиратан урхалчас Рас аль-Хайма Сауд аль-Касимис 302 тутмакъ маьршаваьккхина ца Iаш, церан декхарш тIера дохур ду аьлла, хаамбо Emirates 24|7 хьостано. Иштта дуккхаъ кхечу бусулбачу пачхьалкхашкахь а Рамадан карабарца амнисти кхайкхор йолуш ю.