ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъа вен кхайкхийна вахархо схьавеха бакъо яц Оьрсийчоьнан


"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошлахь лаьттинчу Къилбаседа Кавказера схьаваьллачу стагна вен кхел кхайкхийна Иракъерчу Iедалша. Оьрсийчоьнан таро яц иза схьавеха аьлла, дIахьедина юстицин министран гIовса Травников Максима.

Маршо Радионо ма яздарра, Дагестанера Исмаилова Алиса а, Магомедханова Эльвира а, иштта Оьрсийчоьнан 19 яхархо а ю байначу баттахь дуьйнна Иракъан кхело белла дIабовллалц набахтешкахь хенаш яха кхайкхийна. ДаIишхошца бозуш хилар ду царна дуьхьал даьккхинарг.

ПIераскандийнахь ТАСС агенталло бира, Иракъан кхелахоша вен кхайкхийна террорхойн тобанехь лаьттина Къилбаседа Кавказера вахархо аьлла, хаам. Iарбойн зорбанаша яздарехь, цуьнан фамили ю Хасанов. Низамашца бакъо яц Оьрсийчоьнан иза схьавеха, хIунда аьлча, шина пачхьалкхана юкъахь бина барт цахиларна, байа кхел йина нах дIасалуш. Нагахь Иракъо иза вуьйш бина сацам хийцахь, бакъо ю аьлла Травниковс иза схьавеха.

XS
SM
MD
LG