Оьрсийчохь кху беттан 25-чу дийнера карабогIучу беттан 25-гIа де кхаччалц дуьненан футболан чемпионат дIахьош хиларца Нохчийчохь герз лелорехь дозанаш далош ду. Махкарчу Росгавардино бина и хаам.
Хаамийн гIирсашкахь яздеш ма хиллара, меттигерчу бахархоша шайгара травматикан а, талламан а герз муха лардо хьовсуш, талламаш дIабаьхьира чоьхьарчу министраллан белхахоша еарийдийнахь. Дуьненан чемпионат йоьдучу ханна Соьлжа-ГIалахь куп тухуш ю Мисарара йогIу футболан клуб.
Билгалбаьккхинчу баттахь республикехь дихкина ду герз а, патармаш а лелор, дохкар. Нагахь бехкам ца лоруш герзаца стаг гучувалахь, низам дохийначуьнгара схьадоккхур ду герз.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ