ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополан вахархо Дагестанна тIелатар дарна кхеле хIоттийна


1999-чу шарахь Басаев Шемала а, Хаттаба а куьйгалла дечу тобанца Дагестанна тIелатар дина ву аьлла, Ставрополан кIоштарчу вахархочун Ильмухамбетов Рустаман гIуллакх талламчаша кхеле кховдийна.

Зазадоккхучу-беттан 29-чохь Дагестанан Лакхарчу кхело бехкехилар тIе а чIагIдина, ворхI шо хан кхайкхийра Ставрополерчу Исмаилов Рустамна а. Цунна бехкедиллинарг дара, Ботлихан кIоштахь эскархошна дина тIелатар.

Басаев Шемал а, Хаттаб а хьалха а вьлла, 1999-чу шеран аьхка тIелатар динера Дагестанна. Ботлихан кIоштара Ансалта, Рахата, Шодрода, Годобери ярташ дIалецира цара чу ма бахкарра. Цул тIаьхьа Цумадинан кIоштара ярташкахь а баьржира тIемалой.

Полисхошна тIелатар дарна бехкево Ильмухаметов Рустам, иштта толлуш ву шеконашца кхин а виъ стаг, яздо Оьрсийчоьнан Талламан комитето шен сайтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG