ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кубехь тезет кхайкхийна


ПIераскандийнахь авиакатастрофехь нах баларца тезет кхайкхийна Кубехь. 100 сов стаг хилла кеманчохь. Болчу хаамашца, масех стаг дийна висина, амма вуочу хьолехь бу уьш. Гаванерчу аэрпортера Ольгин гIала доьдуш хилла Boeing 737 кема. ГIаьттинчул тIаьхьа охьадоьжна ду и. Бахьанаш цкъачунна хууш дац. Доьжна кема Мексикан Aerolineas Damoj компанин долара хилла, Кубан Cubana de Aviacion компанино ханна лело шайга эцна.

1979-чу шарахь арахецна кема ду иза. Кеманчохь хилла 6 экипажан декъахо, шайца командир а, шолгIа пилот а волуш.

Boeing компанино шаьш кийча ду аьлла, Кубан Iедалшна кема охьадожаран бахьанаш толлуш гIо дан шайн говзанчаш хьовсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG