ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мархийн баттахь малар доьхкина зуда лаьцна Гуьмсехь


Полисхочунна къаьркъа доьхкина аьлла, лаьцначу Гуьмсерчу кафехь болх беш йолчу зудчунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, хаамбина чоьхьарчу гIуллакхийн министрало.

Маршо Радионо яздира, Оьрсийчоьнан муфтийн Кхеташоно Рамадан мархийн бутт кху беттан 16-чохь дIакхайкхийна хиларх. Амма Нохчийчоьнан а, Дагестанан а муфтияташа хьалхара мархийн де 1

7-чохь ду аьллера. Нохчийчохь мархийн баттахь доьхкуш ду маларш дохкар. Къайлах кафе хьажийначу полисхочунна сертификаци йоцуш малар доьхкина хилла кафен белхалочо. ДIабаьхьначу талламашкахь гучудаьлла цуьнгахь кхи а пхи литар къаьркъа хилар. Цул совнах маларш дохка лицензи а ца хилла оцу кафен.

Бакъо йоцуш къаьркъа кечдарна а, лачкъийна латторна а, дохкарна а долчу низамашца ши шо хан кхачайо набахтехь яккха.

Кхунах тера

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG