Калашниковн автомат йохка гIоьртина аьлла, шеконаш кхоллаелла Гуьмса кIоштара вахархо лаца кхайкхийна кхело.
Полисхойн зерашца, шен вевзачу стагна Калашниковн автомат а, цуьнан патармаш а доьхкина хилла бехкевечо, хаамбина Талламан комитето. Бехк тIечIагIбахь деа шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхачайо цунна.
Бакъо йоцуш герз лелийна, доьхкина Нохчийчохь 58 меттиг билгалъяьккхина прокуратурано дахначу шарахь.
Оцу факташца, 39 стагна дуьхьал зуламан гIуллакхаш айдина, 11 вахархо набахте хьажийна, 14-нна чу-ара валар дихкина аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле прокуратурерчу хьосто.
Кхучохь муъна нохчийн мотт бийци вай, оьрси дешнаш ца лелош?
Макфол Майкл <= Hara nohchiyn qoman mostagh wu shuna. Twitter chox Nohchichox thom niysa bina bohush war hara...