ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь йина 7 шо долу йоI Нохчийчохь дIаюллур ю


Жима Хадижат яьхначу цIийнан уьйтIахь зезагаш, берийн ловзаргаш, латийна чIурамаш догу.
Жима Хадижат яьхначу цIийнан уьйтIахь зезагаш, берийн ловзаргаш, латийна чIурамаш догу.

КIира хьалха йийначу 7 шо долчу йоьIан Хажижатан дакъа цуьнан гергарчаьрга схьаделла Австрин полицино, хаамбо "Кавказ. Реалии" порталан Венерчу корреспонденто. Нохчийн Iадаташца а догIуш, даймахкахь дIаюллур ю йоI. Хадижатан ненан а, кхиболчу гергарчийн а аьтто хир бац Оьрсийчу йоьIан дакъа дIахьош баха, хIунда аьлча, мухIажирийн статусехь уьш хиларна, Оьрсийчоьнан территори тIе бовла бакъо яц церан.

Оцу юкъанна, йийначу йоьIан доьзална Венерчу Iедалхоша гIалин кхечу кIоштахь петар елла. Шайн йоI йийначу меттигна гергахь баха гергарчийн дегнашна деза дара.

Маршо Радионо шен тергонехь латтийра дахначу пIераскандийнахь Венехь ворхI шо долу йоI ер. Цуьнан дакъа нехаш кхуьйсучу гIутакх чохь карийнера полисхошна. Хьем ца беш тIекхиира меттигера полици йоI йийначунна. Луларчу доьзалера 16 шо долу Роберт К. хиллера иза. Ша бехкехиларна мукIарло а дира цо.

"Кавказ.Реалиин" информацица Венерчу "Йозефштадт" цIе йолчу изолятор чохь латтош ву Роберт К.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG