ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамхой килс чохь лачкъа гIоьртина хилла


Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло тIечIагIдина Саратовн чоьхьарчу гIуллакхийн ши эскархо вийна хиларх Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу леринчу операцехь. Урхаллан сайт тIехь хааме даьккхина тIеман тасадаларшкахь Нохчийчохь гIуллакх кхочушдан хьажийначу полисхойх лакхара ши сержант Рахметов Кайрат а, Горсков Влаимир а верах. ТIелатар динчийн цIераш а билгалъевлла. Царех шиъ Гелдганара ву, цхьаъ Аргунский олучу эвлара хилла. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан информацица, тобан хьалханча луларчу регионера вахархо ву.

Маршо Радионо яздира, Соьлжа-ГIалара Кадыровн проспект а, Субботниковн урам а вовшахкхеттачуьра меттиг къевлина хиларх. Меттигерчу бахархоша хаамбарехь, Архангелан Михаилан килсна а, наркотикашца къийсам латточу хьукматна а уллерчу гIишлон тхов тIехь цхьа стаг хиллера. Некъан полици а, Къоман гварди а, СОБР кхаьчна цу меттигна гуо лацарх. Дийцарехь, Архангел Михаилан килсана тIелатар дина хилла веа тIемалочо. ДIаяьхьначу операцехь байина берш.

"Коммерсант" газетан хаамашца, мукъаденошкахь Соьлжа-ГIалин юккъехь гIаттамхойн тIелатар дан Iалашо хиллийла хууш хилла. Юьхьанца Нохчийчоьнан администрацин резиденцина тIелатар дийцаредеш хилла цара, и гIишло лерина ларъеш хиларна, ойла хийцина. "Цундела гIалин массо а маьIIехь полисхой бара дIасабаьржина", - аьлла, хаамбина газете церан хьостано. Архангел Михаилан килсана гена йоццучу зезагийн паркехь тидам бинера шеконца дIасахьийзачу кегийрхойн. Циггахь лаьцна уьш полисхоша.

Цхьайолчу хьосташа дийцарехь, килс чохь лачкъа гIоьртинчух тера ду гIаттамхой, шаьш лаца тIаьхьабевллачу поисхойх.

"Килс чохь бен кхи царна къайлабовла меттиг бацара", - билгалдоккху газетанца къамел динчара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG