ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIаларчу тIелатарехь лазийна лор цхьатеррачу хьолехь ву


Соьлжа-ГIалара килс
Соьлжа-ГIалара килс

Архангелан Михаилан килсана гIаттамхоша динчу тIелатарехь лазийна Гуьмсерчу берийн хирургин, урологин декъан куьйгалхо цхьатеррачу хьолехь ву аьлла, хааме даьккхина махкарчу могушаллин министраллан пресс-гIуллакххоша. "Некхан ваз тIе герз кхетта цуьнан. Лоьраша сихха гIо а кхачийна, кхерамечу мIаьргонех ваьлла иза", - яздо хаамехь.

Маршо Радионо яздира, Архангелан Михаилан килсна а, наркотикашца къийсам латточу хьукматна а уллерчу гIишлон тхов тIехь цхьа стаг ву аьлла, некъан полици а, Къоман гварди а, СОБР кхаьчна цу меттигна гуо лацарх. Дийцарехь, Архангел Михаилан килсана тIелатар дина хилла веа тIемалочо.

ТIаьххьара болчу хаамашца, оцу тIеман тасадаларехь вийна кхо стаг. Инцидент хиллачу кхаьчначу полисхоша хIаллаквира 4 тIемало.

XS
SM
MD
LG