ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь тIелатар динчийн цIераш йовзийтина


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIалахь байинарш
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIалахь байинарш

Соьлжа-ГIаларчу килсана тIелатар динарш Нохчийчуьра бахархой Юнусов Iамир а, Юнусов Iела а, Элисултанов Микаил а, иштта ГIалгIайчуьра Цечоев Ахьмад а хилла аьлла, Iорадаьккхина махкарчу ницкъаллийн структураша. Маршо Радионо хаамбира, шоьтадийнахь хиллачу тIеман тасадаларшкахь Нохчийчу гIуллакх кхочушдан хьажийначу Саратоверчу полисхойх лакхара ши сержант Рахметов Кайрат а, Горсков Влаимир а верах.

ЮнусовгIар Iамир а, Iела а ши ваша ву. Цушиннан а, Цечоев Ахьмадан а 18 шераш ду. Элисултанов Микаила 19 шо.

Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьалхо дIакхайкхийначу информацица, вийна кхоъ Гелдганара а, Аргунский олучу поселкера а хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG