ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Коммерсант": Соьлж-ГIалахь тIелатар динарш уьйр йолуш хилла ГIалгIайчуьрчу джамаIатца


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Соьлж-ГIалахь килсана тIелатар дина тIемалой уьйр йолуш хилла "Исламан пачхьалкх" тобанца уьйраш латточу Гетагажев Артура куьйгалла деш хиллачу ГIалгIайчуьрчу тобанца - Малгобекерчу джамаIатца. Иштта верси ялийна "Коммерсант" газето, Соьлж-ГIалахь хиллачух яздеш.

Газето чIагIдарехь, Гетагажев тобано 2012-чу шарахь эккхийтар динера Малгобекехь полисхо дIавуллуш. Цу тобанарчу наха вийна 2013-чу шарахь ГIалгIайчоьнан кхерамазаллан кхеташонан секретар Котиев Ахьмад.

"Коммерсанто" бинчу хаамца, 2014-чу шарахь "Исламан пачхьалкхаца" уьйр хилла Гетагажев вийра. Муха латтийна хилла цо и уьйр газето дуьйцуш дац.

"Коммерсантан" хьстано чIагIдарехь, килсана тIелатар динчерах цхьаъ – Цечоев Ахьмад - Малгобекан кIоштан вахархо ву, школа яккха а кхиале, исламан радикалех дIакхетта волу.

"Коммерсант" газето, хьалхо бинчу хаамашца, мукъаденошкахь Соьлжа-ГIалин юккъехь гIаттамхойн тIелатар дан Iалашо хиллийла хууш хилла. Юьхьанца Нохчийчоьнан администрацин резиденцина тIелатар дийцаредеш хилла цара, и гIишло леррина ларъеш хиларна, ойла хийцина. "Цундела гIалин массо а маьIIехь полисхой бара дIасабаьржина", - аьлла, хаамбина газете церан хьостано. Архангел Михаилан килсана гена йоццучу зезагийн паркехь тидам бинера шеконца дIасахьийзачу кегийрхойн. Циггахь лаьцна уьш полисхоша.

Цхьайолчу хьосташа дийцарехь, килс чохь лачкъа гIоьртинчух тера ду гIаттамхой, шаьш лаца тIаьхьабевллачу поисхойх.

"Килс чохь бен кхи царна къайлабовла меттиг бацара", - билгалдоккху газетанца къамел динчара

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG