ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дашо бутса" Мессина елла юха а


Месси Лионел (юккъехь), ТехIран, 2017. Архивера сурт.
Месси Лионел (юккъехь), ТехIран, 2017. Архивера сурт.

"Барселона" футболан тобанан форвардана Месии Лионелна "Дашо бутса" елла, 2017-2018 сезонан жамIаш деш. Иза рекордан 5-гIа "Дашо бутса" ю аргентинахочо шен карьерехь яьккхина йолу.

Испанерчу "Реалан" форвардана португалхочунна Роналду Криштиануна 4-зза делла и совгIат.

"Дашо бутса" ло Европерчу пачхьалкхийн къоман чемпионатийн жамIаш а дой, ерриг а тобанашна юкъахь тоьллачу форвардана.

Кхушара Мессис 68 балл яьккхира, 34-зза буьрка чу а тоьхна. Иза 4 балл бен хьалха ца ваьлла Британерчу "Ливерпулехь" ловзучу 32-зза буьрка чутоьхначу Салахь Мохьамедал а.

30 шо долу Месси шен ерриг а карьерехь ловзуш ву Испанерчу "Барселона" клубехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG