Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисан директоран когаметта хилла инарла-полковник Ежков Анатолий велла Хабаровскан махкахь беркема охьадоьжначул тIаьхьа. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо".
Сибирь.Реалиино дийцарехь, бизнесхочуьнан Мельниченко Сергейн "Газель 342" беркема охьадоьжна даьгна. Цу тIехь хилла кхо стаг кхиийна араэккха. Амма царах цхьаъ, инарла Ежков, дог иккхина велла. ШолгIачу некъахочуьнан букъ лазийна.
Интерфаксан хаамца, и нах чIерий лийца боьлхуш хилла.
Инарла Ежков ФСБ-н директоран когаметта вара 2004-чу шеран аьхккалц. Цул тIаьхьа иза болх беш вара "Сибур" компанехь. Болчу хаамца, и нах