ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ: ГIирмехь гучуяьккхина "экстремистийн тоба"


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Оьрсийчоьно дIалаьцначу ГIирмехь "экстремитсийн тоба" гучуяьккхина шаьш аьлла, дIахьедар дина федералан кехрамазаллин сервисо. Дийцарехь, иза кхоьллина хилла Украинин Лаккхарчу Радан депатутан Джемилев Мустафан гIоьнчо Велиев Эрола.

ФСБ-но бинчу хаамехь аьлла ду, Велиевс и тоба кхоьллина хилар, ГIирмерчу гIезалойн Меджлисан лидеро Чубаров Рефатан омрица. ФСБ-н версица, Велиевна гIо деш хилла Украинин кхерамазаллин сервис, ткъа цу тобанан декъашхойн Iалашо хилла Оьрсийчоьнехьа болчу гIезалошна тIелетарш дар а, ГIирмерчу къаьмнийн юкъаметтигаш йохор а.

Оьрсийчоьно ГIирма нуьцкъах шех дӀатоьхначул тIаьхьа цигахь хьийзо болийна бозуш боцу журналисташ а, юкъараллан жигархой а, меттигерчу гIезалойн къоман боламан декъашхой а, ткъа иштта бусалба нах а.

XS
SM
MD
LG