ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адыгейхь кхел йийр ю шен ваша вийначу стагана


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Адыгейхь теллина даьлла Майкопан 28 шо долчу вахархочунна дуьхьал схьадиллина бехктакхаман гIулакх. И стаг бехке веш ву шен ваша верна.

Зулам дина цо гIалин базарна уллехь. Хилларг дIаяздина видеокамераша. Маларх кхетат волчу цу стага когах урс тоьхна шен 31 шо долчу вешина. Чов хилларг велла дарбанан хIусамехь.

Жоьпе озийнарг хьалха чувоьллина хилла ву наркотикаш лелорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG