ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрчийчоьнна кхайкхийна санкцеш шоръян лууш ву Джонсон


Джонсон Борис.
Джонсон Борис.

Iамерко Оьрсийчоьнна кхайкхийна санкцеш Евробартана юкъараяьлча Британино а кхайкхо мегаш ю аьлла, дIахьедар дина цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министро Джонсон Бориса. Цунах лаьцна хаам бо Bloomberg агенталло.

Цкъачунна цу тайпа сацамаш Европан Бертаца дагаяьллаxул тIаьхьа бан безаш ю Британи. Амма Брекзит хиллачул тIаьхьа Лондонан аьтто хир бу мелла а луьра позици лаца, билгалдаьккхина Джонсона.

Цхьа де хьалха Британин парламентан Юкъараллийн Чоьнан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула комитето дIахаийтар арахийцира, "Москохан дашо: оьрсийн коррупци Британехь" цIе а йолуш.

Цуьнан авторша дIахьедина Оьрсийчуьрчу "боьхачу ахчано" зен до Британин арахьарчу политикана аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG