ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох йиттина Дагестанерчу студентана


Москох медицинан академин студент Абумуслимов Амир.

Москох йиттина 18 шо долчу медицинан академин студентана Абумуслимов Амирана. Карарчу хенахь иза кхетам чуьра ваьлла ву. Иза хилла Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь, яздо Кавказ.Реалиино.

Болчу хаамца, 8 стага, шайна юкъахь зуда а йолуш, багайиттина цуьнга, сий доцу къамелаш деш. Юха цхьаммо буй тоьхна вожийна Абумуслимов. Хилларг гинчу зудчо лоьраш кхайкхина. Цара дIавигина жима стаг дарбанан хIусаме.

Карарчу хенахь Абумуслимов кхетамехь вац. Лоьраша шайна ца хаьа боху, иза маца метта вогIур ву.

XS
SM
MD
LG