ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абрамовича шен хьал нийсонца гулдина хилар тIечIагIдан деза, боху Лондоно


Абрамович Роман.
Абрамович Роман.

Оьрсийчуьрчу хьоладас Абрамович Романа Британехь керла инвестицин виза йоккхуш Iедалшна хьалха тIечIагIдан деза шен хьал нийсонца гулдина хилар. Цунах лаьцна хаам бо The Telegraph газето.

Абрамовичан хьалха хиллачу визан хан чекхъяьлла дIабаханчу Оханан-баттахь.

Цхьа де хьалха Британин парламентан Юкъараллийн Чоьнан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула комитето дIахаийтар арахийцира, "Москохан дашо: оьрсийн коррупци Британехь" цIе а йолуш.

Цуьнан авторша дIахьедина Оьрсийчуьрчу "боьхачу ахчано" зен до Британин арахьарчу политикана аьлла.

Хьалхо Британин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Радд Эмбера хаам бира, бIеннаш хьал долчу Оьрсийчоьнан махкахошна еллачу визанашна таллам бар долийна шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG