ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сатуев Хьусейн. Оьзда бералла


Сатуев Хьусейн. Оьзда бералла


Мехаш хьоькху, кIайчу баьллаш тIера,
Самайохуш ирсан хазалла.
Маца яйн хьо, мичахь къайлаели,
Со идийна цIена бералла?
"Вайн бIаьстенах илли делахь",
– аьлла,
Суна кхио юьтуш жималла,
Цалийринчу дорцан кIуьре яьлла,
Хьо дIаяйра, аьрха бералла.
Со-мIуьйренан ойланех ца тилла,
Дагна гена яьккхи дералла.
Ас вайшиннан бIаьстенах ди илли,
Хьанпусар деш, оьзда бералла.
Хало еъча, шийла шеко ялош,
Хьоьга орца дохуш генара,
Хьан майрачу амалех ца вала,
Къаьхьа къурдаш ди ас, бералла.
Сан коьрта тIе шийла маша туьйсуш,
РогIе гIерта тиша къеналла...
БIаьста баьллийн кIайчу
тIома юьйлуш,
Хьо сан мара хьерча, бералла.

XS
SM
MD
LG