ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сатуев Хьусейн. Дарце


Сатуев Хьусейн. Дарце
(Мамакаев Мохьмадана)

Са даккха санна,
Хьо стенна тийжа,
ХIай гаур, акха мох,
Кху сенчу панахь?!
Сан деган пхенех
МIараш ма тийса,
Ма кхийла сан коьрте
Ца лехна бала.
Шорта яц хьуна
Берзалойн ареш?
Шелоно чахчийна,
Са доцу мехкаш?
Ма гIерта яккха
Соьгара къаро,
Ас дукха лайна ду
Хьол дера мехаш.

ГIум лайца лоькхуш,
Хезна ду къемат,
Аркъала со ветташ,
ДIадоккхий гIора.
Доьналлех вохо,
ТIелестарх кхерам,
Дарцех чекхвийлина,
Ца хIуьттуш гуора.
Ахь суна кечъеш
Яцахь а кIело,
Сан лерг-бIаьрг доьллехь а
Буьрсачу иллех, –
Хьуо туола доьлча,
Ахь йойца гIело –
Цундела аьрха ду
Хьан кхиэле виллар.
Эвхьазадолий,
Де эшна висча,
Довха цIий гIорадой,
Стагах йо гуьйриг.
Iожалла къаръеш,
Со хьалха ихна –
Жима бу дезарех
Ас бина уьйриг.
Яккхаза валац
Ламанан ирхе,
Кхоьлинарг векхавеш,
Галваьлларг нисвеш.
Сан кхача деза
Лекхачу ирсе,
Ойланаш гIиттаеш
Назманийн ницкъах.
Са даккха санна,
Хьо стенна тийжа,
ХIай гаур, акха мох,
Кху сенчу панахь?!
Сан деган пхенех
МIараш ахь тийсарх,
Со ларвеш, дагца бу
Вина мохк-нана!

XS
SM
MD
LG