ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдулаев Леча. Гур ду вай, гур ду...


Абдулаев Леча.

Гур ду вай, гур ду...
Ткъа хIинца хилларш ма дийца.
Ахь лайнарш балица, цIийца
Ас кху сайн яьIни тIе ийци...
Гур ду вай, гур ду...
Кхачор бу дуьненан хьовзам,
Чекхдевлла, долчун хьакъ довззал,
Хетарийн, моттарийн ловзарш....

Гур ду вай, гур ду...
Вай вовшийн эшо я толо,
Кхин некъ ца бисинчохь боло,
Цадевзарш санна, тIехдовла,
Гур ду вай, гур ду...

И хир ду самах я гIенах:
Дуй кхийларх дуьнене Делах,
Вайн кхиа хIума доцччу хенахь...
Гур ду вай...
Гур ду...

XS
SM
MD
LG