ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сатуев Хьусейн. Лаьмнийн бер


Сатуев Хьусейн. Лаьмнийн бер

Лаьмнийн бер – со,
нохчийн ненан шура мелла,
Нохчийн цIий ду
даг чохь детташ ткъес.
Ненан цIий ду
маршо еза алу елларг,
Нохчо ву со,
лаьмнийн аьрха бер.
Лаьмнийн бер – со,
борз ехкинчу буса дина,
Дарцо дера
ага техкийна.
Таррийн ткъесаш
вовшеххьерчашсуна гина,
Къорчу орца
тIамах идийна.
Лаьмнийн бер – со!
Велхар хIун ду хаац суна,
БIаьрхин тIадам
цIийца бусту ас.
ТIеман хьаьттахь
кхин ца гIатта цIийла вужуш,
Къонахалла
соьга делла дас.
Лаьмнийн бер – со,
машар лоьхуш, маьрша даьхна,
Амма мостагI
теIа воьлча тIе,
ТIеман хьаьттахь,
сайн юкъ йоьхкуш шераш даьхна,
Синтем хилла,
доцуш буьйса, де.
Лаьмнийн бер – со,
эшнавуьсуш, бала лайна,
ГIоьнча воцуш
орцахвала сайн.
Паччахьан цIарца
аьчкан гIоьмаш еттарх сайна,
Хилла-м вац сох
къийсамбоцу лай.
Аьчкан кIарахь
лаьмнийн леча къиза къовларх,
Майра амалш
къаръян мила ву?
Лаьцна хиларх,
деган лолла цунна довзац.
Лаьмнийн леча
даим леча ду.
Маьлхан нур а
гур дац моьттуш,Iаржло мархаш,
Даха деънарг
лаьтте теIадеш,
Амма дуьне
мархийн балех долу марша,
Малхе кхевда
са мел доIуш дерг.
Лаьмнийн кIант – со!
Тахна сан некъ буьйцуш,
Массо маттахь
иллешдекадо.
Лаам чIагIлуш,
хьекъал кIорге дуьйлуш,
Кху дуьненах
кхиъна вогIу со.

XS
SM
MD
LG