ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь уггаре дукха оьцу машен ю Toyota Camry


Toyota Camry
Toyota Camry

ЦIена машенашна юкъахь Нохчийчохь уггаре дукха оьцург ю Toyota Camry, хаам бо Daily-Motor.Ru сайто. Кхушеран хьалхарчу беа баттахь республикехь йоьхкина 259 и тайпа машен.

ШолгIачу меттехь ю "АвтоВАЗо" арахоьцуш йолу Lada Vesta (222). КхоалгIачу меттехь ю Товбеца-баттахь дуьйна конвейерера дIайоккхуш йолу Lada Priora (216).

Daily-Motor зорбанан гIирсо бинчу хаамца, кхушеран 4 баттахь лелийна 3 эзар 430 Lada Priora а, 1 эзар 85 Ford Focus а, 910 Toyota Camry а йоьхкина Нохчийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG