ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан "Джавелин" зуьйш хьаьжна Порошенко


"Джавелин" муха ю дуьххьара хьаьжна Украинехь шинарин дийнахь. 05.22.2018.

Украинин президент Порошенко Петро тIеман полигонехь хилла Iамеркан танканашна туху "Джавелин" ракетан комплексаш тIамехь дакъалаца кийча хилар зуьйш хьожуш. Цунах лаьцна хаам бина Украинин президентан зорбанан сервисо.

"Джавелин" муха ю дуьххьара хьаьжна Украинехь шинарин дийнахь. Массо а ракета кхета езачу дIакхетта. Порошенкос билгалдаьккхина, Iамерко делла герз лело шайн эскархой дика кечбина хилар.

Украинин президенто дIахьедар дина, "Джавелинех" шаьш пайда оьцур хиларх лаьцна, нагахь Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш Украинин эскаран позицешна тIебуьйлалахь.

XS
SM
MD
LG