ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь дIакъовла мегаш ю Booking.com сервис


Хьешан хIусамашкахь чоь лаха аьтто бон Booking.com портал дIакъовла еза аьлла Ростуризме кехат хьажийна Оьрсийчоьнан културан министралло. Иза дан деза аьлла хета цу хьукматана, Iамерко кхайкхийначу санкцешна дуьхьал жоп луш.

Цунах лаьцна хаам бо РБК-но, Ростуризме кхаьчначу кехата тIехь яздинчунна тIе а тевжаш. Цу урхалло шена хетарг хоуьйтур ду Мангалан-беттан 4-гIа де тIекхачале.

Booking.com сервис кхоьллина 1996 шарахь. Цуьнан долахо ю Iамеркан Booking Holdings компани.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG