ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев лоцуш, низамаш ца дохийна, боху полисхоша


 Титиев Оюб.
Титиев Оюб.

Бакъонашларъярхо Титиев Оюб лоцуш полисхоша низамаш дохийна бохург бух болуш ца карийна Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу урхаллина.

Полицин куьйгалло делла жоп фейсбукехь зорбане даьккхина "Къизаллашна дуьхьалояран комитетан" талламийн декъан куьйгалхочо Бабинец Сергейс.

Нохчийчуьрчу низамаш лардочу органашка шайн комитетан цIарх латкъам бинарг вара Бабинец.

Титиевн адвокаташ тIера ца бовлу цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх леррина кхоьллина ду, ткъа наркотикаш машенчу кхиссина ю бохучунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG