ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зудий-майрий дерна ши йиша лаьцна ГIалгIайчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

ГIалгIайчохь ши йиша лаьцна, дIадаханчу кIиранах зудий-майрий дерна бехке хила мега аьлла шеко йолуш. Кавказ.Реалии-но дийцарехь, йижарша Л. Iайна а, Танзилас а, шайгахь дуккха а дашо ду дохка аьлла, Iеха а дина, хан а, меттиг а йиллина, дийна дашо хIуманаш юхкучу туьканан долахо долу зудий-майрий.

Маршо Радионо дийцина ма хиллара, герз тоьхна, вийначу ГIалгIайчуьрчу вахархочуьанан дакъа карийнера Назранан йистехь машенчохь.

Болчу хаамашца, коьртах тапча тоьхна вийначу 49 шо долчу меттиегрчу вахархочун дакъа Toyota Corolla машенчохь гучудаьлла керла гIишлош йолийначу кIоштахь дIадаханчу кIиранах еарин дийнахь. Оцу меттигехь карийна кхийсинчу патармийн чкъоьргаш а, 9 миллиметр йолу даьндарг а, машенан кехаташ а.

Назранан кIоштарчу Экажево эвлара ву вийнарг. Цуьнца машена чохь хилла цуьнан хIусамнана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG