ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таллам: "Боинг" чудаийтина хилла Оьрсийчоьнан 53-чу бригадан "Буко"


"Бук" ю Донецкехь 2014-чу шарахь Товбеца-беттан 17-чу дийнахь.

Малайзин авиакомпанин "Боинг-777" 2014-чу шарахь Товбеца-беттан 17-чу дийнахь Донбассана тIехула чудаийтина хилла Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн 53-чу зенитан-ракетан бригадан "Бук" системо.

Цунах лаьцна хаам бина Нидерладийн прокуратуран векло, хилларг къасточу талламан тобанан зорбанан конференцехь.

Цо дийцарехь, талламхошка цкъачунна жоьпаш ца далало хIунда дина иза, мила ву жоьпехь иза дарна бохучунна.

Хьалха а талламана хууш дара "Боинг", "Буках" пайда а эцна, чудаийтина хилар. Амма, талламхоша дийцарехь, церан дуьххьара аьтто баьлла билггал и система муьлха хилла къасто а, иза Оьрсийчоьнан армин хилар тIечIагIдан а.

Оьрсийчоьно дуккхазза а дIахьедарш дина, 298 стаг а вуьйш (дукхахберш Нидерладийн махкахой), "Боинг" чудаийтарна ша декъа яц бохуш.

XS
SM
MD
LG