ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан 3 эпсар вийначу стагана кхел йийр ю Нохчийчохь


Хьалха-Марта. Кхелан гIишло.
Хьалха-Марта. Кхелан гIишло.

Нохчийчохь бехктакхаман гIуллакх таллар дIадерзийна 38 шо долчу меттигерчу вахархочунна Бекмурзаев Русамбекана дуьхьал долийна хилла. Иза бехке веш ву 2000-чу шарахь Оьрсийчоьнан ши эскархо а, федералан кхерамазаллин сервисан эпсар а верна. Цунах лаьцна яздо "Регнум" агенталло, Оьрсийчоьнан талламан комитетан урхалло бинчу хаамна тIе а тевжаш.

Цуьнца а догIуш, 2000-чу шарахь ГIадужу-беттан 8-чу дийнахь Бекмурзаевс Хьалха-Мартанарчу базарахь, улле тIе а вахана, герз тоьхна вийна кхо эпсар - ши эскархо а, ФСБ-н белхахо а. Церан герз а эцна, дIавахана иза базарара.

Бекмурзаев лецира 2017-чу шарахь. Цу хенахь иза болх беш вара такси тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG