ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан даржехь кхин дIа а виса кийча ву Евкуров


ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек.

КхоазлагIчу ханна а ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан даржехь болх бан реза ву Евкуров Юнус-Бек, нагахь шен кандидатура Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хьалхататтахь. Цунах лаьцна еарин дийнахь цо дIахьедар дина Петарбухерчу дуьненаюкъарчу экономикан форуман кулуарашкахь журналисташа шена деллачу хаттарна жоп луш.

"Президенто кховдийннарг омра ду, дан дезачунна куьйгалла ду", аьлла Евкуровс.

Цуьнца цхьаьна, ша болх бан кийча ву, боху цо пачхьалкхан куьйгалло шех тешийначу даржехь.

Евкуров ГIалгIайчоьнан куьйгалхо волу 10 шо ду. Иза президент хIоьттира 2008-чу шарахь. 2013-чу шарахь, хьалхара хан дIайирзича, Евкуров республикан куьйгалхо хьаьржира меттигерчу параменто.

XS
SM
MD
LG