ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къола дарна 10 шо хан тоха мега Гуьмсерчу вахархочунна


Гуьмсерчу талламан комитетан белхахоша кхеле хьажийна 2 миллион соьмана къола динчу меттигерчу вахархочуьнан бехктакхаман гIуллакх. Цунах лаьцна хаам бо, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо.

Таллам беш гучудаьлларг иштта ду. Кхушара Дечкен-беттан 29-чохь, хан яьллачу хенахь, цу гIалара 23 шо долу жима стаг туьканчу ваьлла хилла, сахьташ а, телефонаш а, царна оьшу цхьацца гIирс а бухкучу.

Къуно дIадаьхьна масийтта сахьт а, мобилан телефон а, видеорегистраторш а, ахча а. Цо лачкъийначуьнан мах бу 2 миллион сом. Полицино ша лацале дайа кхиийна иза 170 эзар сом. Дисина ахча шен цIахь дIадиллина латтош хилла жимачу стага.

Карарчу хенахь иза лаьцна ву. Ша зулам дина хилар даре а дина цо, дохко а ваьлла иза.

Оьрсийчуьрчу низамца а догIуш, 10 шаре кхаччалц хан йогIу цу тайпа зулам динчунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG