ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхо стаг вийна, шиъ лазийна Нохчийчуьрчу некъахьовзамехь


Архивера сурт.

Некъахьовзам хилла Яраш-Маьрдана гергахь, Шуьйта боьдучу новкъахь, хаам бо, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо. ТIеттIакхеттарг ю «ВАЗ-217030» а, «ГАЗ-322132» а ши машен.

И бахьана долуш ВАЗ машенна урхалла деш хилла Побединскера вахархо а, цуьнца хилла ши некъахо а велла, дарбанан хIусаме вуьгуш. Оццу машенахь хилла цхьа некъахо а, ГАЗ машенна урхалла деш хилла Шуьйтара вахархо а дIакхачийна Соьлж-ГIаларчу клинике.

XS
SM
MD
LG