ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн гIуллакх тидаме эцна Макрона


Оьрсийчоь -- Францин президент Макрон Эммануэл а (аьрро), Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Петарбух. Стиг. 24, 2018

Путин Владимирца дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа Петарбухехь Францин президент Макрон Эммануэл цхьаьнакхетта "Мемориал" бакъонашларьярхойн центран куьйгалхочуьнца Черкасов Александрца.

Бакъонашларъярхочо дийцина Францин президенте Титиев Оюбан гIуллакхах а, Къилбаседа Кавказехь "Мемориалан" векалаллашна тIелетарш деш хиларх а лаьцна.

Черкасов дийцарехь, Макрона тидаме ийцира Титиевн гIуллакх, яздо "Кавказский узело". Черкасовс дийцарехь, Францин президент юхахоьттуш а, цхьацца хIума къастош а хилла. Сатесна ву, ша иза эрна ца хиларе, боху Черкасовс.

XS
SM
MD
LG