ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Столтенберг: "Боинг" чудаийтарна жоьпалла тIелаца деза Оьрсийчоьно


НАТО-н куьйгалхо Столтенберг Йенс.
НАТО-н куьйгалхо Столтенберг Йенс.

Евробарто а, НАТО-но кхайкхам бина Оьрсийчоьне Малайзин авиакомпанин "Боинг-777" 2014-чу шарахь Товбеца-беттан 17-чу дийнахь Донбассана тIехула чудаийтарна жоьпалла тIелаца аьлла. Къилбаседа Атлантиан Бертан куьйгалхочо Столтенберг Йенса дIахьедар дина, Оьрсийчоьнан декхар ду дуьненаюкъарчу талламан тобанца юкъаметтигаш дIакхехьа а, ткъа иштта бехкенаш жоьпе озо а.

Цу тайппа дIахьедар дина Евробертан дипломатин куьйгалхочо Могерини Федерикас а.

ПIераскана дийнахь Нидерладийн прокуратуран векло хаам бира, Малайзин авиакомпанин "Боинг-777" чудаийтина хилар Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн 53-чу зенитан-ракетан бригадан "Бук" системо.

Цо дийцарехь, талламхошка цкъачунна жоьпаш ца далало хIунда дина иза, мила ву жоьпехь иза дарна бохучунна.

Хьалха а талламана хууш дара "Боинг", "Буках" пайда а эцна, чудаийтина хилар. Амма, талламхоша дийцарехь, церан дуьххьара аьтто баьлла билггал и система муьлха хилла къасто а, иза Оьрсийчоьнан армин хилар тIечIагIдан а.

Оьрсийчоьно дуккхазза а дIахьедарш дина, 298 стаг а вуьйш (дукхахберш Нидерладийн махкахой), "Боинг" чудаийтарна ша декъа яц бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG