ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн вешин кIант лаьцна Нохчийчохь наркотикаш латторна


Титиев Оюб.
Титиев Оюб.

"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан вешин кIант Титиев Адам лаьцна Нохчийчохь наркотикаш латторна. Цунах лаьцна шен Telegram каналехь хаам бина Кадыров Рамзана, Петарбухехь Францин президент Макрон Эммануэл "Мемориал" бакъонашларьярхойн центран куьйгалхочуьнца Черкасов Александрца цхьаьнакхетарна комментари еш, яздо "Эхо Москвы".

Кадыровс чIагIдарехь, Титиев Адам лаьцна ши де хьалха. Ткъа наркотикаш лелорна иза дуьххьара чувоьллина хилла 2001-чу шарахь Дагестанерчу кхело.

Кадыровс дийцарехь, изза зулам юхадарна Титиев Адам жоьпе озийна хилла 2011-чу шарахь Нохчийчохь.

Титиев Оюб лецира Нохчийчохь кхушеран Дечкен-беттан 9-чу дийнахь, цуьнан машенчохь наркотикаш карийна аьлла. Бакъонашларъярхочо ша бехке хилар керстдо. Цо чIагIдарехь, наркотикаш цуьнан машенчу тесна полисхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG