ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МоггIара шозза бен президентан харжамашкахь дакъалаца дагахь вац Путин


Путин Владимир.
Путин Владимир.

Путин Владимир дагахь вац моггIара шозза бен президентан харжамашкахь дакъалаца. Цунах лаьцна Оьрсийчоьнан президенто дийцина, Петарбухерчу дуьненаюкъарчу экономикан форумехь дуьненаюкъарчу хаамийн агенталлан куьйгалхошца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Цигахь дакъаолуш хиллачу цхьана декъашхочо хаттар делира Оьрсийчоьнан лидере цуьнан хир болчу политикан кхолламан хьокъехь. Путина жоп делира, ша даиман а вуно чIогIа ларйина Конституци аьлла.

"Конституцехь кхетташ дIаяздина ду: моггIара шозза бен. ХIара сан шолгIа хан ю. Ткъа, шуна дага а догIуш, со цул хьалха шозза хилла президент. Амма цул тIаьхьа ас дитира президентан дарж, Конституцино кхоазлагIа а президентан харжамашкахь дакъалаца доьхкуш хиларна. И ду-кх иза", - билгалдаьккхира президенто, яздо РИА Новости агенталло.

Путин дIахьедар дира, и низам ладан дагахь ву ша тIейогIучу хенахь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG